ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеманца хиллачу нехан декъийн некъ а хедабо сепаратисташа


Дохийначу Малайзин кеманчохь хиллачу нехан декъехь цхьадерш дIахьажийна Украинера Голланде – 50. Эйндховенерчу авиабазе кхачийна уьш. Харковра уьш дIахьажош къамел динчу Украинан вице-премьера Гройсман Владимира бохура, Оьрсийчоьно ир-кара хIитточу террористаша дохийна маьрша кема.

Голландера Малайзе доьдуш хиллачу кеман 298 пассажирах а, экипажах а ца висина дийна стагга а. Iамеркарчу кхерамзаллин урхаллашна гарехь, кема дохийнарш бу Оьрсийчоьнехьа болу Украинана дуьхьал тIемаш бен сепаратисташ. 193 пассажир шен волчу Голландино тезетан денош кхайкхийна.

Кхин а ши де ду Украинан малхабелехь кема чудоьжначу меттехь схьакарийна декъий дерраш Голланде дIакхачо. Австралин премьер-министра Эбботт Тонис дIахьедина, кхеташ дац масса дакъа схьакарийна, масса дуьсуш ду сепаратистийн карахь йолчу кема чудоьжначу меттехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG