ТIекхочийла долу линкаш

Малхбалехь машар бан гIерта дуьне


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона дIахьедина, ша цхьацца гIулчаш яьхна Израилний Газа-секторерчу палестинахойн Хьамас-партин тIемалошний юкъара дов сацорехьа, «амма бан болх кхин а дуккха а бу», аьлла. Ша Иерусалимехь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин Инарла Секретарца Пан Ги Мунца кхаарийдийнахь къамелдеш деш элира цо ишта.

Шина кIиранна бахбелла израилхошний, палестинахошний юкъара тIом сацон, машар билла гIерта дипломаташ. 600 сов палестинахоййий, 29 израилхой велла иккхинчу тIамехь. Женевехь Цхьаьанкхеттачу къаьмнийн организацин кхерамзаллин кхеташо а гIерта шина къомана юкъахь барт бан. Бакъонаш ларъярехула йолчу кхеташонан куьйгалхочо Пиллей Навис сесси схьайоьллуш элира, Израил йолчух тера ду алссам бехке Газа-секторехь тIом шорбеш хиларна.

XS
SM
MD
LG