ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеманчохь кхелхинчийн декъий дакхачийна Голланде


Харковра Нидерландашка дIадахна цигара Малайзе доьдуш Украинан малхбалехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистийн куьйга кIел йолчу меттигехь чудаийтинчу кеманчохь хиллачу нехан декъий эцна ши кема еарийдийнахь. Де хьалха а дIадаьхьира Харковра Нидерландашкарчу Эйндховен-гIала 51 дакъа. Цигахь дара Нидерландийн паччахь а, цуьнан цIийнана а, бIеннаш беллачийн гергарнаш а, мехкан куьйгалхой а.

Дуккха а хьостанашна хетарехь, 298 стаг чохь а волуш, Голландера Малайзе доьдуш хилла кема Украинерчу сепаратисташа герз тоьхна чудожийна. Беллачех дукхахберш голландхой бу, 40 гергга ву Австралин вахархо а. Сиднейра Лондоне, шайн махкахойх хилларг талла а, декъий дIадахьа а веъна Австралера 50 полисхо. Еарийдийнахь Киевехь бара хилла бохам зен баьхкина Голландин а, Австралин а арахьарчу гIуллакхийн министрш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG