ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна дуьхьал - керла санкцеш


Еарийде дерриг а Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхон йогIу санкцеш йийцаре еш даьхьна Европан мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министрша. Гарехь, уьш йовзуьйтур ю кестта. Оьрсийчоьнна Европерчу финансийн, мехалчу кехатийн базаршкахь акцеш йохкар дехка тарлуш ду Европан Берто, хаам бо "The Financial Times" газето. Бахьана – Кремло Украинерчу сепаратисташна тIекарлонаш латтор. Хьалхо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа санкцеш ехира оьрсийн Газпромбанкний, ВЭБ банканий дуьхьал.

Ткъа хIинца Евроберто тIеэца кечбечу сацамо доьхкур долчух тера ду Оьрсийчоьнан ах-бахам долахь латточу кхечу банкашна а Европехь болхбан. Иштта шорлур йолчух тера ду санкцешна кIел хьочу хьакамийн а, бизнесхойн а чот а. Санкцеш ю Кремл Украинехь тIом латтош, жигара хьийзарна а, цхьа хан хьалха ГIирмана анекси ярна а дуьхьалхIиттош.

XS
SM
MD
LG