ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яценюк дIавахначу дарже веъна Гройсман


Украинан Iедало ханна премьер-министран декхарш кхочуш дан къастийна Гройсман Владимир. И сацам бина пIераскандийнахь, оцу даржехь Iийначу Яценюк Арсенийс дарж дитарца доьзна. Амма мехкан парламентерчу хьостанаша бахарехь, Яценюкера дехар кхаьчна а дац парламенте, цундела иза балхара дIавалар кхоже диллина къастадойла а ца хилла.

Парламентехь барт бацаро шега болх ца бойту, цундела дIаволу ша даржера, аьлла дара еарий дийнахь Яценюк Арсенийс дина дIахьедар. 36 шо долу Гройсман Владимир премьер-министран когаметта вара хIинццалц. 2006-чу шарахь Винница-гIалин мэр хаьржина а хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG