ТIекхочийла долу линкаш

Палестинехь - "ОьгIазлонан де"


ПIерасканде «оьгIазло гайту» де кхайкхийра Палестинан лидерша Израило Газа-махкахь тIом гIатторца доьзна. И кхайкхам бозу Израилан ракеташа нах лечкъинчу цIийнах еарийдийнахь, 15 бер а, зуда а дуьйш, 200 гергга лазорца. Оцу меттера палестинахойн тIемалоша герзаш тохар бахьана долуш иккхина инцидент, хилларг шаьш толлур ду, дIахьедина Израилан инарлаша.

«ОьгIазло гойту денца» а дузуш, еарийдийнахь Рамаллера Малхбален Иерусалиме протестан марше араваьллера итт эзар палестинахо. Израилан эскаршца иккхинчу девнехь велла царех цхьаъ, 100 лазийна. Газа-секторехь тIематасадаларш дара пIераскандийнахь а лаьтташ.

XS
SM
MD
LG