ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮКОС-ан долахоша латкъам бина 50 миллиард доллар тIедожийна Оьрсийчоьнна ХIаагерчу кхело


ХIаагерчу дуьненаюкъарчу арбитражан суьдо сацам бина Оьрсийчоьно ЮКОС-ан акцеш йолчу нахана 50 миллиард доллар дала деза аьлла. Латкъам бинчу наха шайна догIу бохуш дуьйцург дара 114 миллиард доллар. ХIаагерчу суьдо билгалдаьккхина Оьрсийчоьно Энергетикан харти йохийна хилар а, низам а дохийна, ЮКОС-ан бахам дIабаьккхина хилар а.

Москох зорбан конференцехь вист хуьлуш, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дина, Оьрсийчоьно шен лаам тIебаккха кхелашкахь шега далург дерриг а дийра ду аьлла. Гергарчу 10 дийнахь ХIаагерчу кхелан сацаманна латкъам бан аьтто бу Оьрсийчоьнан. Кхело бинчу сацамца, 2015-чу шеран Дечкен беттан 15-гIа де тIекхачале 50 миллиард доллар латкъам бинчу нахана дIадала дезаш ю Оьрсийчоь.

1993-чу шарахь кхоьллина йолу Оьрсийчура ЮКОС олу мехкадаьттан компани йохийра 2006-чу шарахь. 2006-чу шарахь Мангал-беттан 1-чу дийнахь иза гIорасиз лерира Оьрсийчоьнан Iедалша. Цу хенахь кхечу пачхьалкхашкарчу банканашна декхарелахь яра ЮКОС 500 миллион доллар. И декхар ийцира коьртачу декъана ЮКОС шен дола ерзийначу «Роснефть» компанино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG