ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъаралло машаре кхайкхина Израил а, ХАМАС а


Машар лахар Iалашонца Израиле а, ХАМАС-е а герзаш деттар сацаде аьлла кхайкхам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлан секретаро Бан Ки Муна. Жимма хьалхо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташоно кхайкхам бира шина а агIоне, дIа а ца тоьттуш, Ид аль-Фитр олу марха достучу деношкахь герзаш деттар сацаде аьлла.

Оршотан дийнахь Израилан армино ракеташ тоьхна ХАМАС-ан тIемалойн позицешна туху шаьш аьлла. Жуьгташа чIагIдарехь, цул хьалха Газа асанера ракета хецна хиллера Израилан территорина тIе. Израило тохарш дина ши агIо 12 сохьтехь вовшен герзаш а ца детташ Iийначул тIаьхьа. ХАМАС-ан векалша дийцарехь, кху тIаьхьарчу 19 дийнахь Газехь вийна цхьа эзар сов палестинахо. Израилан агIор вийна 43 эскархо а, маьрша 2 вахархо а.

XS
SM
MD
LG