ТIекхочийла долу линкаш

Косовон буьйранчаша дина зуламаш гучудевлла Евробертан комиссина


1998-чу а, 1999-чу шерашкахь Косовохь этникан цIано яран а, адамийн чоьхьара меженаш йоьхкина хилар а гучудаьлла шайна аьлла, дIахьедар дина Евробертан лерринчу комиссино. Комиссина хетарехь, и бахьана долуш бехк-такхаман гIуллакхаш схьаделла деза Косово маьрша яккхаран Армин буьйранчашна дуьхьал.

Евробертан прокуроро Уильямсон Клинта дийцарехь, кхаа шарахь таллам бича царна тоьшаллаш карийна косовараш адамаш дайина хиларан, и нах сербаш а, цигонаш а, кхечу къамнийн векалш а хилар бахьана долуш. ББС-но дийцарехь, комиссина тоьшаллаш карийна 10-зза Косовохь адамийн чоьхьара меженаш йохкаран.

XS
SM
MD
LG