ТIекхочийла долу линкаш

Адамаш дайина Украинера Горловкехь


Украинехь Горловка цIе йолчу гIалахь 17 стаг вийна даккхийн герзаш деттар бахьана долуш. 43 стаг чевнаш йина ву. Шинарин буса яккхийн тоьпаш йиттина Донецк-гIала. Дохийна цхьамогIа цIенош. Цхьайолчу цу гIалин кIошташкахь хедийна тоькан серий. Цунах лаьцна хаам бина Донецкан гIалин кхеташонан зорбан сервисо.

Вийна-ваьккхина стаг ву-вац хууш дац. Оьрсийчоьнехьа болу тIемахой герзаш детташ бу Луганскерчу аэропортана. Украинин малхбалехь тIеман операци дIахьочу ницкъийн векалша дийцарехь, эскархошна юкъахь дараш дац. Украинин дозанан сервисан куьйгалхоша хаам бина Шинарин дийнахь хиллачу тIемашкахь 27 дозанхо вийна аьлла.

XS
SM
MD
LG