ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан керла санкцеш


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран уллерачу веъа стаганна а, еъа компанина а дуьхьал санкцеш кхайкхийна Евроберто. Маршо Радион Брюсселерчу корреспонденто бинчу хаамца, Европан Бертан юкъайогIуш йолу 28 пачхьалкх реза хилла Украинехь хуьлург бахьана долуш 8 стаганна а, 4 компанина а дуьхьал керла санкцеш кхайкхо.

Церах 4 ву Путинан бизнесан партнер. Цу нехан цIераш йохур йолуш ю кху беттан 30-чу дийнахь. Украинехь кризис йолаелчхьана 87 стаганна а, 20 компанина а дуьхьал санкцеш кхайкхийна Евроберто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG