ТIекхочийла долу линкаш

Дуккха а нах байина Газехь


Иттаннаш маьрша нах байина Кхаарин дийнахь Израило герзаш а диттина аьлла, хаам бина Палестинерчу лоьраша. Байинчерна юкъахь ву Цхаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино Iуналла а деш болх беш йолчу школан чохь дIалечкъина хилла 16 стаг.

Палестинин администрацин векалша бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу 22-на дийнахь Газехь вийна 1260 стаг. Палестинахоша герзаш а диттина вийна 53 жуьгтийн салтти а, маьрша кхо вахархо а.

XS
SM
MD
LG