ТIекхочийла долу линкаш

ГIиргIизойн боберийн дай хIиттина Iамеркахой


Пхеа Iамеркахочунна бакъо елла Бишкекехь шайн доьзалшка гIиргIизойн бераш эца. Стигалкъекъа-баттахь масийтта дуьненаюкъарчу компанина лизензеш елира ГIиргIизойчоьнан Iедалша, кхечу пачхьалкхашкарчу нахана шайн махкара бераш доьзале эца бакъо луш.

Дай хIитта ГIиргIазойчура бераш дигар дихкинера кхечу пачхьалкхарчу нахана 2011-чу шарахь, социалан гIуллакхашкахула министр хилла волу Сабиров Ровшан кхаьънаш эцарна чувоьллинчул тIаьхьа. И скандал эккхар бахьана долуш иттаннаш бераш ГIиргIазойчохь дисинера, шаьш тIеэцначу доьзалшка дIакхача йиш йоцуш. Царах цхьадерш вуно чIогIа цомгуш дара. Уьш делира.

XS
SM
MD
LG