ТIекхочийла долу линкаш

ОБСЕ-н эксперташ дIакхаьчна Малайзин Боинг чудаийтинчу метте


ОБСЕ-н экспертийн дуьххьарлера тоба дIакхаьчна Украинин Малхбалехь йолчу Малайзин некъахойн кема чудаийтинчу метте. ОБСЕ-н векалшца цхьана цига вахана ву 4 Нидерландера а, Австралера а говзанча. Украинин эскархошна а, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна а юкъахь тIематасадаларш хилар бахьана долуш масийтта де а дара эксперташ цига кхача аьтто боцуш лела.

Еарин дийнахь Украинин тIеман министралло дIахьедар дина, цхьана денна тIемаш бар саца до шаьш аьлла. Австралин арахьарчу гIуллакхийн министро Бишоп Джулияс дIахьедар дина, некъахойн кема охьадоьжначу меттехь лаххара 80 стеган дакъа хила мегаш ду аьлла. Малайзин Боинг чудаийтар бахьана долуш велла цу тIехь хилла 298 стаг.

XS
SM
MD
LG