ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а герзаш детташ ду Газехь


Газехь 72-на сохьтана герзаш деттар сацийначул т1аьхьа ши сахьт даьлча Израилан ницкъаша яккхийн тоьпаш йиттина Рафах гIалан малхбалерчу кIошташка. И бахьана долуш 4 палестинахо вийна, кхин а 15 чевнаш йина ву. Цунах лаьцна дIахьедар дина Палестинийн Iедалша.

Израилан тIеман министраллан векало хаам бина ББС-на, шаьш герзаш диттина Израилан территори тIе ракета тохарна жоп луш аьлла. Цу хеннахь Къаирехь Израилан а, Палестинин а делегацеш дийцарш дIахьош ю, тIеман конфликт дIаерзон маслаIат лохуш.

Палестинин лоьраш чIагIдарехь, кхо кIира хьалха Газехь конфликт иккхинчул тIаьхьа вийна 1460 гергга палестинахо. Уьш коьртачу декъана маьрша бахархой бу. Израило бинчу хаамца, жуьгтийн агIор вийна 63 стаг. Царах дукхах берш эскархой бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG