ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертана реза бац Оьрсийчоьнан дипломаташ


Евроберто Украинина тIеман технологи а, гIирс а бала бакъо ялар шалха стандарташ лелор ду аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Украинина герз дохкар дихкинера Евроберто Янукович Викторан Iедална дуьхьал Майданехь акцеш дIахьош йолчу хенахь, аьлла ду Оьрсийчоьнан министралло динчу дIахьедар тIехь.

Нагахь и дехкар юхадаккхахь Украинин малхбалехь хуьлург бахьана долуш Европан бертан жоьпалла алсам дера ду аьлла хета Оьрсийчоьнна. Евробертан векалша цкъачунна цхьа а комментари а ца еш дитина и дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG