ТIекхочийла долу линкаш

Уллехь боьдуш тIом а болуш болх беш бу Украинехь эксперташ


ШолагIа де ду Малайзин Боинг чудаийтинчу меттехь дуьненаюкъара эксперташ болх беш болу. Беллачу некъахойн декъий а, хIуманаш а схьагулйеш ву Нидерландера а, Австралера а 70 говзанча. Царна тIехьожуш ву ОБСЕ-н 8 тергамхо. ХIинццалц и болх бан аьтто бацара, цигахь боьлхуш тIемаш хилар бахьана долуш.

CNN телекомпанино дийцарехь, карарчу хенахь Украинин эскархой а, Оьрсийчоьнехьа болу сператисташ а тIом беш бу кема охьадоьжначу меттигана 2 километр уллехь. 200 гергга дакъа хIинцале а дIакхачийна Нидерланде. Дохийначу лайнерна тIехь дукхах берш бара цу махкара. Малайзин Боинг чудаийтина Донецкана гена доцуш Товбеца-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG