ТIекхочийла долу линкаш

ГIоьртина хаьл лаьтта Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а дозанехь


«Эрмалойн диверсийн тобанашца» хиллачу тасадаларехь шайн 4 эскархо вийна аьлла дIахьедар дина Азербайджанан тIеман министралло. Иза хилла Агдам-Тертеран кIоштахь. Ша йозуш йоцу пачхьалкх лоручу Ломар Карабахан Iедалша дIахьедар дина, Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь шайн эскархоша тIелатар юхатоьхна аьлла.

Цара чIагIдарехь, вийна азербайжджанан 7 эскархо а, цхьа эрмало а. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а дозанехь хьал гIоьртина дуьсуш ду. ТIаьхьарчу деношкахь Ломар Карабахан конфликт йоьдучу зонехь вовшашна герзаш детташ бу эрмалой а, азербайджанхой а.

XS
SM
MD
LG