ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинана зенаш дар ханна сацийна Израило


Дуьненаюкъарчу хьукматаша ша Палестинехь бен тIом сацон декхаре еш хилар юьхьара а эцна, оршотдийнахь Израило Газа-мехкан доккхачу декъатIехь сацийна герзаш кхийсар. Ткъа палестинахойн Хьамас-боламан тIемалой реза ца хилла и 7 сахьтана билгалбаьккхина машар тIеэца, цо тешнабехк бан некъ лур бу Израилна, аьлла.

Оцу юкъанна лоьраша хаам бо, тIом сацийна а бохуш, Израилан кеманаша Газерчу Шата-гIалахь мухIажирийн куьпана динчу тохарехь, бер а дуьйш, 30 стаг лазийна бохуш. Оршоьтан Iуьйранна ракеташ тоьхча велла «Исламан ЖихIад» олучу тIемалойн тобан баьчча Мансур Дениэл. «Исламан ЖихIад» Хьамас-боламна герга ларалуш тоба ю. Газан РафахI-гIалина тохарш дина Израилан кеманаша оршотдийнан делкъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG