ТIекхочийла долу линкаш

Iабдулла Iабдуллас дакъалоцу кхаьжнаш луьстуш


ОвхIанистанан президентан харжамашна динчу жамIашна резавоцуш вуьсу кандидат Iабдулла Iабдулла дакъалоцуш ву толамхо къастош кхаьжнаш дагардечу муьрехь. Оцу сацамна тIе иза веъна кIирандийнахь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино юкъарло а деш, харжамийн жамIаш къастаден некъ билгалбоккхуш.

Йозушйоцчу Харжамийн комиссин векала Нур Мохьмад Нурас хаам барехь, Iабдуллин векалш бара оршотдийнахь кхаьжнаш багарбеш дакъалоцуш. Iабдуллиний, шолгIачу кандидатна ГIани Ашрафний юкъахь дардацар иккхинера харжамхойн 8 миллион кхаьжнаш дIасабоькъуш харцонаш лелийна бохучу тIегIантIехь.

XS
SM
MD
LG