ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохк бегош 400 стаг велла Китайхь


КIирандийнахь ондда латтадегийча хилла херцарш луьстуш бу Китайра орцан урхаллера белхахой. Велла ларало лаххара а 400, лазийна 1800 стаг. Гуайчжоу, Сычуань провинцеш ю уггаре дукха зенаш хилла.

Бохамо арабаьхначу ницкъашна новкъарло йо ца соццуш доьлхучу догIано, и бахьанехь хала дIакхачадало хIусамаш йоьхначу нахана тIе гIо а. Китайн пачхьалкхан хаамийн хьостанаша чIагIдарехь, 12 эзар гIишло хаьрцина, йохийна 30 эзар. Рихтеран барамца 6, 1 балл хилла мохкбегор. Орцанхошна гIодеш ю полици, цIеяйархой, 25 эзар эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG