ТIекхочийла долу линкаш

Дестечо йиттина йоI толуш ю


Ерриг а Нохчийчоьно тергонехь латтош хилла дестечо йиттина кхо шо долу йоI тиларчу еъна, цуьнан хIинца садеIар а меттахIоьттина, аьлла хаам бина журналисташка берана дарба дечу ноьмар 2 йолчу берийн клиникан коьртачу лоьро Ганаев Руслана. 20 де гергга ду йоI 24 шо долчу цуьнан дестечо йиттина дарбан цIийне кхачийна. Ганаевс бахарехь, беро бIаьргаш а боьллу, куьг-ког а леладо. Цунна еттарна лаьцна зуда хенан набахтехь ю, талламчаш бу иза лееш.

XS
SM
MD
LG