ТIекхочийла долу линкаш

Донецкна гIо дечара Нохчийчоь йиц ца яхьара...


Украина -- Оьрсийчу уьдуш бу Донбассера бахархой, Изварине меттигерчу дозаннна гергахь, 20Тов2014

Украина -- Оьрсийчу уьдуш бу Донбассера бахархой, Изварине меттигерчу дозаннна гергахь, 20Тов2014

Украинана тIемашца дуьхьаллаьттачу, оьрсех болчу сепаратистийн кIошташка 7 миллион доллар ахчанна кхачан сурсаташ, тIемалошна дарба дан молханаш, кхидолу рицкъа а хьажийна Нохчийчоьнан администрацино. Иза моттаргIане къинхетам лору нохчаша.

ТIемаш бахьнехь Украина йита дезначу эзарниш бахархошна гIо деш Ростов кIоште кхачанан сурсаташ кхехьна Нохчийчуьра. Бертаза махках бевлла, Iар-дахарх боьхна, де эшначу украинцашна гIодар тайнера, дийцарехь а доцуш, тIеман къахь лайначу вайнахана. ТIемаш боьдучу Украинан кIошташца доьзна керла хаамаш Iорабаьхна официалан хьостанаша.

Украинехь тIамо йохийна гIишлош меттахIитто 7 миллион доллар ахча къасто кийча ю Цхьаьнатоьхна Штаташ аьлла, Пачхьалкхан департаментан коьртехь волчу Керри Джонса дIахьедар дарций, дуьнентIехь уггар ехаш йолчех ларалучу пачхьалкхаца яхь лаьцча санна, хаам дIасабаржийна Нохчийчохь а.

Мехкан куьйгалхочо дехарца, Кадыров воккхачуьнан цIарахчу кIоштан юкъараллин фондо 7,5 миллион доллар ахча къастийна тIемаш лаьттачу Украинан Малхбалехь йолчу кIошташна гIоьнна.» Цу кепара хаам гIарбаьккхина телевизионехь а. И ахча хьажор ду боху дарбанан цIийнашкахь, тIеман лазарнашкахь лоьралла лело аьтто мел беш болу гIирс-коьчалла а, молханаш а эца.

Маца дIабоьрзур бу а ца хууш, тIемаш лаьттачу меттигашка оццул дукха ахча хьажор цхьабосса кхетош дац кхузахь. Дукхахболчара иза къобалдеш хIума дац. Иштачех ю Соьлжа-гIалара Зайнап а. Цунна хетарехь кхечу мехкашна гIо даллал таронаш йолчех яц Нохчийчоь, цуьнан бахархой шаьш бу, орцане мохь беттал, гIо оьшуш. Зайнапа дуьйцу.

Зайнап: Махкахь къехой а болуш...

Къечеран, гIийла бохкучеран аьттоннна хьажадарал сов, оццул дукха 7,5 миллион Iамерикан доллар, махках ара а ца доккхуш, боккха пайда а беш, чохь дайа дуккха а некъаш го кхоллараллин белхошна а. Царех ву Iилманча, байтанча-гочдархо Хьусайн а.

Хатаев: Политика ю, комаьршалла яц

Хууш ма–хиллара , кхачанан сурсаташца, рицкъанца, ахчанца-бохчанца гIо дина ца Iаш, официалан даре деш дацахь а, Нохчийчуьра Украине кхуьйлуш бу ницкъаллин структурашкахь белхаш беш болу кегий нах а. Еш къайле а йоцуш, кIезиг бац, шайн лаамехь дIа а язлуш, ахчанна цига оьхуш берш а. ЦIарца а бийца йиш а йолуш, тайп-тайпанчу ницкъаллин структурашкахь болчу кегийрхойн йоккха тоба дIахьажийна кху деношкахь Украине.

Яккхийчех наггахь юрт а яц масала, тахана цигахь «машарна» вахна векал воцуш. МогIарерчу бахархоша муха тIеоьцу уьш цига кхийлар, царна мел товш ду миллионашкахь долларш сагIийна деккъал комаьршалла а? Оццул таделла лорий те цара.могIарерчу наха, шайн дахар. Цу а. кхечу а хеттаршна жоьпаш цкъачунна доцуш ду.

XS
SM
MD
LG