ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнах ша ларъяла еза аьлла хета Малхбузенна


Белги -- Украинан арахьарчу гIуллакхийн министр Дещица Андрий НАТО-н Инарла секретарца Расмуссен Андерсца Брюсселехь къамел деш, 1Заз2014

Белги -- Украинан арахьарчу гIуллакхийн министр Дещица Андрий НАТО-н Инарла секретарца Расмуссен Андерсца Брюсселехь къамел деш, 1Заз2014

Оьрсийчоьнера буьйлу кхерамаш а, талораш а юхатоха таро йолу керла ницкъаш оьшу Малхбузенна аьлла тешна бу Европера а, Цхьанатоьхначу Штаташкара а куьйгалхой.

„Оьрсийчоьне Малхбузе кхералур яц – иштта хила деза НАТО тIеман альянсо Кремле хьажон коьрта коста“, - аьлла дIахьедар дина Британин премьер-министр волчу Кэмерон Дэвида. Европерчу куьйгалхойх тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнца доьзна уггаре а дера позици юхьаралаьцначу Кэмерона лерина кехат яздина НАТО тIеман альянсана юккъе йогIучу 28 пачхьалкхенан куьйгалхошка, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш юхалиста еза аьлла, цу пачхьалкхене шен Украинерчу талоршца а, ГIирма ах-гIайренна ша йинчу аннексица а Малхбузенан барт бохалур бац, я иза къар а ялур яц бохучух иза кхетийта.

Кэмерона и кехат яздале масех де хьалха зорбане яьллера Британин парламентан комиссино кечдина рапорт. Цу йозанашкахь билгалдаьккхина дара, НАТО тIеман альянсо дина долу цхьа могIа гIалаташ хилла Малхбузе Оьрсийчоьно Украинехь лелочух сел Iадийна сацаран а, цу леламашна дала ма -дезза сихонца жоп дала Малхбузе кийча ца хиларан а бахьанаш бохург.

„Къилбаседа Атлантикан альянс дукха ша-шех тоам бина хилар а, иза гIийла тIеман кечамаш болуш хилар а ду цунах дахнарг“ бохург яра цу рапортан коьрта ойла. Цундела а ду хIинца Британин куьйгалхочуо альянсехула болчу накъосташка хийцамашка кхайкхар. Масала, керла инфраструктура кхоллийта вайга, бохуш яздо цуо шен кехатехь, керла тIеман Iаморийн планаш хIиттаяйта вайга, юкъара тIеман гIирсаш а, кхачанан сурсаташ а хилийта вайн хьалхехь дуьйна дуккха а ханна Iалашдина, тIом балахь а, аьлла. Ткъа иштта НАТОн тIеман ницкъаш а кхиабайта вайга.

Гергарчу хьесапехь изза дара НАТО тIеман альянсан Европерчу ницкъийн куьйгалхо волчу инарлас Бридлав Филипа кху деношкахь далхийнарг а. Цуо Малхбузено уггаре а коьрта тидам Оьрсийчоьнца дозанаш долчу Малхбалин Европин пачхьалкхенаш чIагIйарна тIехьажо беза бохуш чIагIдо. Масала, Польшера НАТОн базанашка алсамох герз а, сурсаташ а, ткъа иштта эшначу мIаьргонехь эзарнаш салтий Оьрсийчоьнна дуьхьал баха тоалла хир болу гIирсаш а охьабахка беза инарлин хетарехь.

Цу дIахьедарша гойту, гезгамашин беттан 4-чохь а, 5-чохь а Британехь дIахьочу Къилбаседа Атлантикан альянсан саммит мел кхехкачу синхIоттамашкахь вовшахкхетта ю. Иштта цара гойту дуьненчохь Оьрсийчоьнца йолу гамо мел алсам яьлла Украинехь Кремлан питанашца тIом болабелчахьана а, ГIирма ах-гIайренна Оьрсийчоьно аннекси йичахьана а.

ХIетте а, нагахь санна, Малхбузера юкъараллаш Оьрсийчоьно Украинехь лелочу питанех Iадийна елахь а, ткъа Малхбузера политикан куьйгалхой Кремлан агIор кхерамаш тийсарехь вовшашца къийсалуш белахь а, бакъдолчехь цара цу пачхьалкхенна а, цуьнан политикан куьйгаллийна а дуьхьал йохуш хIара аьлла мехала гIулчаш яц, аьлла тешна бу цхьа могIа аналисташ.

„Мехий Iиттаран политика“ аьлла емал йира, масала, Германин тIеман министр хиллачу, ткъа карарчу хенахь Цхьанатоьхначу Штаташкахь дуьненаюкъарчу хьолах аналист волчу Цу Гуттенберг Карл-Теодора Вашингтоно а, Брюссело а Оьрсийчоьнна дуьхьал йоху санкцеш. Цунах терра, „мIараш къийзоран политика“ бохучу дешнашца билгалйоккху Европерчу стратегикаллин талламийн институтан эксперт волчу Асхабов Хьамзата а Малхбузенан Кремлана дуьхьал йолу гIийла гIулчаш.

Асхабов : „Суна хIинца гуш дерг чIогIа дуьненаюкъара политика бегйалар а, адамийн бакъонаш цхьанна а агIоно тергал ца яр а, адамаш эзарнашкахь делча а, дийча а иза царна бен ца хетар а ду. Сийсазйаьлла политика. Эшнарш адамаш ду – массо а агIор а“.

Цу юкъана, хьалхара дуьненан тIом баьлча дуьйна схьа I00 шо кхачар дагалоьцуш йолчу Европехь баьржаш бу керла дуьненан тIом баларх болу кхерам. ТIаьхьарчу 50 шарахь цкъа а ца хиллачу кепара дукха тIемаш бу кху лаьттахь карарчу хенахь дIабоьлхуш, тамаша бу иза диканца дерзахь боху гIайгIа хеза тергамхойн а, могIарерчу бахархойн а къамелашкахь.

XS
SM
MD
LG