ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIахь къоьлла а йолуш, нийса дуй хийрачу махка миллионаш хьийсор?

Украина -- Донбассера сепаратист ву Оьрсийчуьра кхаьчна гIо тIеоьцуш, 4Мар2014
Украина -- Донбассера сепаратист ву Оьрсийчуьра кхаьчна гIо тIеоьцуш, 4Мар2014

Украина тIеман хьелашка а ерзийна, цунна герзашца дуьхьаллаьтта меттигера оьрсийн ницкъаш къобал а беш, царна тIекарло латтайо Оьрсийчоьно. Кремлна товчу кепара Украинерчу сепаратисташкахьа ю Нохчийчоьнан администраци а. Царна хьийсадо даккхий ахчанаш, тIеоьцу цигарчу тIамах уьду оьрсий.

Оцу хьолах дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, стенна хьийсабо Кремло Украинера уьду оьрсий иштта а латтанийн гатто йолчу Къилбаседа Кавказе? ХIун бахьана ду Нохчийчоьнан администрацино Украинерчу сепаратисташа лаьцна латтаечу кIошташка даккхий ахчанаша хьежор, оьший иза нохчашна?

Шена хетарг ала луучунна тхайн телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь:

+42, 07 24 0I 98 32. Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.

XS
SM
MD
LG