ТIекхочийла долу линкаш

Нохчех а хьакхало Кремлна дуьхьалъяьхна санкцеш


Евробертан а, Оьрсийчоьнана байракхаш

Евробертан а, Оьрсийчоьнана байракхаш

Евробертан а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а массалица Оьрсийчоьнна дуьхьал рогIера санкцеш юкъаяхна Швейцарино. ГIуданаша лаьцначарна юккъехь ву Оьрсийчоьнан а, Украинин а 26 вахархо а, ткъа иштта цу мехкашкара 18 кампани а.

Ша шех „Донецкан халкъан республикан“ премьер-министр аьлла цIе тиллина волу Бородай Александр, Оьрсийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретар Патрушев Николай, Оьрсийчоьнан арахьарчу талламийн сервисан куьйгалхо Фрадков Михаил, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, кхин а цхьа могIа лаккхара Оьрсийчоьнан а, сепаратисташа дIалаьцначу Украинин Малхбалера а хьукматхой бу Швейцарино шинари дийнахь йовзийтинчу санкцеша лаьцначийн могIаршлахь.

Ма-дарра дийцича, и цIераш баханчу товбеца баттахь Евроберто шен санкцешца гIуданаш динчийн цIераш ю, Швейцарино ша ма-ярра схьаэцна.

Иштта шинари дийнахь Японино а йовзийтира шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу керла гIулчаш. Цуо рогIерчу санкцийн гураш хIиттийна кхин а 40 стагна, шайна юккъехь Украинера сепаратисташ а, Оьрсийчоьнан а хьукматхой а болуш. Хьахийна цара иштта Украинин президент хилла волу Янукович Виктор а.

Ала догIу, Малхбузенан пачхьалкхенаш, уггаре а хьалха Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Евробертан декъашхой а болуш, амма иштта Япони а, Канада а цхьаьна, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха баханчу зазадоккху баттахь йолаеллера. Оьрсийчоьно Украинин доларчу ГIирма ах-гIайренна аннекси йинчул тIаьхьа цкъа хьалха кегийчу гIулчашца, Путинан мелла а генарчу гуонера нахана дуьхьал гIулчаш яха йолийра цара.

Амма Оьрсийчоьнан гIоьнца а, питанашца а Украинехь къепедацарш даржа доладеллча, ткъа масех кIира хьалха цу къепедацарийн къаьхьа жамIа маьрша некъахой чохь болу Малайзе доьду кема чудаийтар нисделча, эххар а мелла а шога санкцешка кхевдира Малхбузе.

Я Европера пачхьалкхенаш а, я Цхьаьнатоьхна Штаташ а хIинца а Кремлана коьртачу гIента дена Путин Владимирна шена дуьхьал цхьа а гIулч яц ца хIоттахь а, „говрах лата ца воьхьнарг нуьйрах летта“ бохучу кицанехь санна, йола-йолуш цуьнан гергарчу гуонерчу доттагIашна дуьхьал санкцеш яххал майра яьлла Малхбузе.

Амма, мел халахеташ делахь а, даима а хуьлуш ма-хиллара, санкцеш, церан питана хиллачу Iедалан дайшна дуьхьал евлла ца Iаш, могIарерачу бахархойх хьакхало хьалхарчу рогIехь. Сурсаташна я барзакъашна мехаш лакхадовларца, масала. Я ваха - ван а маршонаш ехкарца. Йоллучу Оьрсийчохь а, ткъа иштта Нохчийчохь жим-жима лакхабовлуш бу сурсатийн мехаш.

Цул совнаха, Iамеркерчу MasterCard а, Visa а цIераш йолчу транскъоман корпорацийн кредитан карташ лелош хиллачеран, - ткъа ишттаниш Нохчийчохь а кIеззиг бац, - аьтто бац цаьрца туьканахь я интернетехула ахча дIадала.

Цундела, цецволийла дац кху деношкахь и тайпа кредитийн карташ карахь долу нах Нохчийчохь шайн шайнашна вуно саготта хиларх, Маршо радиоца къамел дина йолу Соьлжа-гIалин яхархо Ташаева Зарган санна. Деношкахь ша даима а оьцуш ма-хиллара, интернетехула кеманна билет эца гIоьртича кхийтира ша бохуш дуьйцу цуо, санкцеш шех а хьакхаяла йолаеллийла.

Ташаева Зарган: „Сайна дорахох долу билет а лехна, иза схьаэца гIоьртинера со крелитан картица. Дуьненахь эца ца ло. ДIаладоьгIча, иза хилла санкцеш бахьана долу дIакъевлина. Юха интернет-кафе а яхана, цу чурчу жимчу стага шен цхьа киви-кошелек олучу системехула дIабели и сан билетан мах, ас шена кара ахча делча.

Даима санна, мискачу нахах хьакхалуш ду-кха массо а хIума. Бехачу нехан-м и тайпа проблемаш хир а яцара, царна гIо дан а, царна метта массо а хIума кхочушдан а хьалхара лелаш шортта нах бара. ГIийлачу нахана массо а хIума кхин а холчу хьоле доккхуш ду-кх хуьлуш дерг даима а. Хьашт доцург ду-кх цу санкцеша мискачу нахана деш дерг“.

Малхбузено юккъеяхна йолу санкцеш бахьана долуш тайп-тайпанчу нахана тайп-тайпана тIеIаткъам хуьлу, церан таронашка а, бахамашка а хьаьжжина. Нагахь санна Путинан доттагIа волу миллиардхо Тимченко Геннадий уьш бахьана долуш шен доларчу кеманна тIера чартеран рейсаш ечунна тIе хаа бен ца дезнехь, Ташаева Зарган санна болчу мискачу нахана хуьлуш долу зе а, цатемаш а, буста йиш йоцуш, алсамох бу. ХIунда аьлча, олуш ма-хиллара, панаш летачу хенахь лаздеш дерш холопийн кортош хуьлу.

XS
SM
MD
LG