ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь Украинана тIелата а сахьт дац


«Хьалхачул а Оьрсийчоь Украинана тIелатарна кхерам лакхара буйла хоуьйтуш, информаци кхаьчна» шега, хаам бина Полшин премьер-министра Туск Доналда. Кхаарийдийнахь, и хаам баьржаш, Украинан малхбален дозанашка гуллуш ду оьрсийн эскарш аьлла, даьржийра цхьацца хаамийн гIирсаша а.

Оршотдийнахь ша пачхьакхан юккъерчу а, малхбузерчу а, махбалерчу а дакъош тIехь тIеман Iамораш дIадахьа лерина ю аьлла, даржийра Оьрсийчоьно. Оцу бараме оьзна ду 100 сов тIеман хIаваъкема а, беракема а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхоша а даржийна, Украинехь эскаршний, Луганскерчу а, Донецкерчу а сепаратисташний юкъахь тIемаш лаьттачу юкъанна, яьржаш ю гуманитаран кризис аьлла.

Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн организацехь Оьрсийчоьнан векал волчу Чуркин Виталийс хаийтина гуманитаран ковранаш хьовсо йоллу Москох Донбассе, цигахь гIело хьогучу бахархошна гIо кхачош, аьлла.

XS
SM
MD
LG