ТIекхочийла долу линкаш

Кхин а ши гIала караэцна Иракъехь гIаттамхоша


Курдойн шахьарна Эрбилна 40 чаккхарма гергахь Махьмур меттехь вовшахлетта кхаарийдийнахь Халифатан эскарш шайх олу ницкъашший, курдойн тIемалоййий. Курдошна гIо дан хьовсийнера Иракъан Iедало кеманаш. Пачхьалкхан телевизионо хаам барехь, ракетийн тохар дина кеманаша Исламан Пачхьалкхан ницкъашна, вийна царех 60 герзахо.

Дахначу кIирандийнахь Исламан Пачхьалкхан эскарша дIалаьцна Иракъехь кхин а ши гIала – Зумар а, Синджар а. Курдойн Пешмерга шайх олучу гIаттамхойн лидера Явар Джаббара хаам барехь, тIамах бевдда, Синджар гIалина уллерчу ломахь сецна оцу меттигашкахь бехачу езидех волу ах-бIе эзар стаг. Кхача боцуш бисина и нах, Явара бахарехь.

XS
SM
MD
LG