ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Розетта" комета толлуш ю


Европерчу космос толлучу агенталло хаам барехь, «Розетта» цIе йолу техникан четар охьахаа кийча ду стигалахь Iилманчаша терго ечу цхьана комети тIе. «Розетта» лелочу тобан куьйгалхочо Лодиот Сильвена дийцарехь, аппарат комети тIе хаор ю Германерчу Дортмунд-гIаларчу космосан урхалло.

Кху гурахь кхочушйийр ю Iалашо, иза оьшу Малхан система муха кхоьллаелла толлучу Iилманчашна. 2004-чу шарахь кхоьллина космосан четар «Розетта». Цуьнан мах бу 1 миллиард 7 бIе миллон долларал совъоьккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG