ТIекхочийла долу линкаш

Саратоверчу кхело нохчо набахте хьажийна


Саратов кIоштан кхело набахтехь такха ши шо хан тоьхна нохчочунна Хайдаев Iелина, иза полисхочунна тIелетта аьлла. Стохка аьхка гIевттира гуламе оцу кIоштара бахархой, нохчочо меттигера вахархо Маржанов Руслан вийна аьлла. Хайдаев лецира цо полисхочунна дуьхьал божали чуьра дIа шада ластийна аьлла. Полисхочо маситтаза тапча тоьхнера Хайдаев лоцуш. Цуьнца лаьцна хилла нохчийн тоба жоьпаллах хьалха яьккхира талламчаша.

XS
SM
MD
LG