ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом дIабаьллехь а...


Нохчийн лаьмнаш, Шуьйтан кIошт
Нохчийн лаьмнаш, Шуьйтан кIошт

ТIеман битамех мукъаялаза еха Нохчийчоь, тIом бирзина аьлла Кремло даржийна иттех шо даьллехь а. ГIаттамхошца уьйрехь хиларна лецнарш, полицино, эскарша схьалехна лехийтина тIемалойн хьулло меттигаш, нахера доху герзаш. Иштта ю Iедалан статистика. ТIаьххьарчу хиламех лаьцна дуьйцу Хасимиков Iусмана.

ТIеман хьу-чулацам болу хиламаш, яханчу хене а бирзина, ладегIам дIа а баьлла, бахархойн синкхетам а. дегнаш а синтемах дузуш, хийцалуш дац махкахь Iар-дахар. ГIаттамхошца юкъаметтигаш лелийна мел хан-зама яьллехь а, и хьесапе а ца оьцуш хаддаза лоьцуш лаьтта кхузахь церан агIончаш а, цхьана эшшарехь дIадоьдуш ду царна дуьхьал долийна бехк-токхаман гIуллакхаш суьде кхачадар а, царна хенаш кхайкхаяр а.

Диъ шо хьалха тIемалошна юург-мерг а, тхов а латтийна аьлла бехк кховдийна, Веданан кIоштера вахархо Дамаев сацийна ницкъаллин структураша. Низамхоша дийцарехь иза зIе йолуш хилла стохка Iай дIабаьхначу тIемалойн баьччанашца, вежаршца ГакаевгIаьрца.талламхоша чIагIдарца цуьнга кховдийначу бехкаца цунна 5 шо гергга хан тоха тарлуш ду. 2007-2009 –чуй шерашкахь гIаттамхойн баьччана массо кепара аьтто бина аьлла, полисхоша Соьлжа-гIалин Ленинан кIоштехь лаьцна 30 шо долу Бумта эвлара вахархо.

Низамхоша бахарехь цо гIо динарг ву герзаца дуьхьало ярехь каде хьийзинчу баьччанех волу. 2009 – чу шарахьлеррина дIаехьначу тIеман операцехь Бумта юьртана юххехь вийна Махаури Азамат. Лакхахь хьахабеллачу вежаршна ГакаевгIарна 20I0 шарахь ахчанца гIо дина аьлла, дукха хан йоццуш лаьцна Веданан кIоштера яхархо Сулейманова Арубика а. Низамхоша шаьш билгал ма даккхара цунна дуьхьал шозлагIа долийна бехк токхаман гIуллакх.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан Лакхарчу суьде кхаьчна ши шо хьалха, ТIехьа мартанан кIоштехь, пхи полисхо а лазош, БТР олу тIеман машен эккхийтинчу Альдиев Хьамзатан гIуллакх а. Талламхоша динчу зераша гайтина Альдиев Хьамзат Махаури Бислан цIе йолчу баьччана тобанан декъашхо лелла хилар а, шен накъосташца цхьаьна цо цхьа могIа кхин а зуламаш дина хилар а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло официалан гIардаьхначу терахьашца кху шарахь махкахь ницкъаллин структураша гучудаьккхина тIеман хьу-чулацам болу 37 зулам. Царех боху министараллин говзанчаша, куьг бехкениг мила ву а хууш.23 зуламан дуьхе кхиъна.Кху шерран чекхбаьллачу 7 баттахь хIаллакйина хьуламехь латтош йолу II герзан къайле, ишта йохийна герзаца дуьхьало ечара шайна хене бовла, тIаьхьалонна кечйина хилла меттиг-Iойла а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаро хааме ма даккхара низамхоша само яр бахьнехь кху шарахь схьадаьккхина къайлах-къулах дIаIалашдина латтош хилла I00 кийла сов эккха тарлуш долу молха а, 200 гергга тайп-тайпана тоьпаш а,3 эзар сов масачу тоьпан патарма а,300 нал тIех яккхийчу тоьпийн хIоьънаш а, II0 мина-фугасаш а, цхьа бIе гергга граната а. Цу а .кхечу а Iаткъамечу терахьаша гойту аьлла хета, мича зил-барамехь лаьтташ ду Нохчийчуьрчу Iар-дахаран синтеман тIегIа

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG