ТIекхочийла долу линкаш

Майдан дIатен туьгуш яц


Украинана шахьарахь Киевехь Цадазаран Майдан тIехь хьалхо хIиттийна хилла дуьхьалонаш а, четарш а дIадохучу Iедалан ницкъашна тIелетта меттигера гуламхой. Цара латийнера дуккха а машенийн чкъургаш, ягочух дуьзина шишанаш, тIулгаш кхуьйсура гуламхоша. И нах дIасабаха аьтто а ца баьлла полицин.

Майданехь гулбелира дахначу Iай Iедална резабоцу бахархо, церан боламо вохийра даржера президент Янукович Виктор. ХIинца Майданерчу протестхошца барт лоьху мехкан Iедало а, Кличко Виталий коьртехь волчу Киеван мэрино а.

XS
SM
MD
LG