ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин декъан буьйранча даржах вохийна Нохчийчохь


Нохчийчоьнан Куьршалан кIоштарчу полицин декъан куьйгалхо Эдельгириев Хьамзат дIаваьккхина даржера. И хаам бина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цуьнан метта ханна хIоттийна хIнццалц Шелан полицехь болх беш хилла Агуев ИсмаьIал. Эдельгириев къайлахчу сервисан белхахоша лаьцна, дуьйцу меттигерчу бахархоша. Цара дийцарехь, къизаллица билгалволуш вара шен балхахь и стаг. Иза коьртехь а волуш, гIаттамхошца дуккха а тIемаш бина цуьнан куьйга кIел хиллачу полицин декъо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG