ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанхойн "президенташна" барт карийна


ОвхIанистанан президентан харжамашкахь ша-ша тоьлла бохуш, къовсамехь Iийначу шина кандидата мехкан коалицин Iедал кхолла сацамбина. Оцу хьокъехь бертан декларацина буха куьйгаш яздина Iабдулла Iабдуллас а, Ашраф ГIанис а. Iабдуллас аьлла, «къоман цхьаалла чIагIъен а, ОвхIанистанан халкъан хиндерг дикачу некъа доккху а» гIулч ю шаьш яьккхинарг. ГIанис бохура, «къомо тIедехкина декхарш кхочуш деш оха цхьаьна болх бийр бу».

Яхначу бIаьста президентан харжамийн шолгIа мур бирзича, Iабдуллас дIакхайкхийнера, ОвхIанистанан харжамийн комиссино озабезамца кхаьжнаш ГIанигахьа язбина аьлла. И бахьанехь лаьтта дар-дацар дерзош, къовсамна юкъаюьйлира Iамаркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. ХIинца и къовсам дIабаьллачух тера ду.

XS
SM
MD
LG