ТIекхочийла долу линкаш

Исламан Пачхьалкхах езидаш ларбеш


Иракъан къилбаседанерчу Эрбел-гIалахь лаьттачу Цхьанатоьхначу Штатийн эскаршна кхерам тIебоссахь, шаьш кеманашца тохарш дийр ду цигахь Iедалх летачу Исламан Пачхьалкх олучу боламан ницкъашна, дIахьедина президента Обама Барака. КхидIа цо элира, оцу меттехь Iер-дахар дохийна езидийн къам гуманитаран халоне дуьгуш нислахь, иза геноцидна кIелхьара даккха а дезар ду, аьлла.

Обамас бахарехь, стигалхула тохарш дан тарло бахархойн кхерамзалла гIаттамхоша йохаяхь. Цо бахарехь, Синджар-лома лечкъинчу езидашна кхачанца, молханашца, тIеюхучуьнца гIо дан дуьйладелла Iаьмеркан кеманаш. Иттаннаш эзарнаш езидаш а, керста бахархой а бохийна оцу меттигашка кхаьчначу тIамо.

XS
SM
MD
LG