ТIекхочийла долу линкаш

Украина: Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш


Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс 172 Оьрсийчуьра хьаькам а, цигара 65 компани а яьккха еза Украино Оьрсийчоьнна дуьхьал йохучу санкцийн тептара, аьлла дIахьедина. Церан бехкана а ю Украинехь яьржина терроризм, боху Яценюка. И нах а, компанеш а билгалбоху тептар чулур ду ша шайн пачхьалкхан кхерамзаллинин кхеташоне, элира Украинан премьер-министра.

Оцу санкцешна юкъадогIу, бохура Яценюка, тептара язбечу нехан а, компанин а ахча дIалацар, Украине а, цунах чекх а церан кир ца лелийтар, цаьргара бизнес-лицензеш дIаяхар.

XS
SM
MD
LG