ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъерчу гIаттамхошна тохар дина Iамерко


Иракъерчу тIемаша хIусамех бохийна, курдойн лаьмнашкахь лечкъачу эзарнаш езидашна гIо деш ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ, дIахьедина президента Обама Барака. Ша кIиранах цкъа халкъаца ден къамел деш шоьтан дийнахь Обамас бохура, Iамерка дIагIур яц Иракъера, цо лардийр ду цигара шайн эскарш а, маьрша бахархой а.

ТIамах бевддачу нахана 28 эзар кхачан тоьрмиг а, 5,5 эзар литр хи а декъарал совнаха, чохь пилоташ боцчу кеманашца гIаттамхошна тохарш а дина Iамеркахоша Эрбел-гIалина гергахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG