ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориало" цIерш яьхна Оьрсийчура политикан тутмакхийн


«Мемориал» бакъонашларъярхойн центро зорбане даьккхина ша политикан тутмакхаш лорчу нехан цIейоза. Цу юкъахь хIинца ву 45 стаг. ЦIейозана юкъатоьхна II стаг, ткъа хан а текхна араваларна а, кхеле а ца кхачош гIуллакхаш дIакъовларна а цу юкъара ваьккхина 6 стаг.

Керлачу политикан тутмакхашна юкъахь ву «Яблоко» партин жигархо Витишко Евгений а, «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» вовшахтохараллаца уьйраш хиллла а бехке бина Гарифьянов Айдар а, Кулагин Евгений а, Сатаев Расим а, Хамадаев Алексей а, ткъа иштта «Болотное дело» олучу процессан декъашхой а. Мангал-беттан I9-чу дийнахь «Мемориало» политикан тутмакх лаьрра Нохчийчохь наркотикаш лелийна а аьлла чувоьллина волу нохчийн юкъараллан жигархо Кутаев Руслан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG