ТIекхочийла долу линкаш

Донецк маьршаяккха кечлуш ду Украинин эскарш


Украинин къоман кхъерамазаллин а, тIеман а кхеташоно кхайкхам бина Донецкан а, Луганскан а бахархошка цу гIаланашкахь тIеман операци дIаяхьар эвсараллица хилийта цхьана ханна гIалара ардовлахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина цу кхеташонан спикеро Лысенко Андрейс. Цо дийцарехь, маьрша бахархой къелхьарбаха схьайиллина ю гуманитаран коридораш.

Лысенкос бинчу хаамца, террорана дуьхьал операци дIахьош кху тIаьхьарчу 4 баттахь вийна 568 Украинин эскархо, ши эзар сов эскархо чевнаш йина ву. Донецкан гIалин администрацино бинчу хаамца I00 сов тутмакх ведда меттигерчу набахтера, йоккха тоьпан хIоа а кхетта иза йохийначул тIаьхьа. Цхьа тутмакх вийна. Бевддачерна юкъахь бу адамаш дайина а, даккхийна зуламаш дина а нах.

XS
SM
MD
LG