ТIекхочийла долу линкаш

Иракъан керла министрийн кабинет кхуллур ю Абади Хьайдара


Иракъан президенто Масум Фуада официалан кепара Iедал кхоллар тIедиллина шиIатийн коалицин кандидатана аль-Абади Хьайдарна. Оршот-дийнахь Иракъан Федералан лаккхарчу суьдо сацам бира премьер-министро Аль- Малики Нурис куьйгалла дон парти парламентехь уггара йоккха фракци ю аьлла. Цо аьтто бора Аль Маликин кхозлагIа а Iедалан коьрте хотта.

Суьдан сацамца а догIуш, Иракъан президент Масум Фуад декъарелахь вара Аль Маликина керла министрийн кабинет кхоллар тIедилла. Ал Маликис тидам а ца беш дитинера Охан-баттахь парламентан харжамаш хиллачул тIаьхьа сунниташа а, курдаша а, цхьаболчу шиIаташа а шега премьеран дарж охьадилла а аьлла кхайкхам бар. Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона кхайкхам бинера Аль Маликига махкара хьал чолхе даккха ма-гIерта аьлла.

XS
SM
MD
LG