ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларуси а, Казахстан а реза яц Оьрсийчоьнна гIортор ян


Оьрсийчоьнан Таможнин бертан накъостий Боларуси а, Казахстан а реза ца хилла, Оьрсийчоьнна тIе а хIоьттина, Европера а, Iамеркера а, кхин йолчу пачхьалкхашкара а кхачанан сурсаташна эмбарго ян. Беларусин президенто Лукашенко Александра дош делла цу пачхьалкхашкара сурсаташ лулахошка кхочуьйттур дац ша аьлла.

Цу хеннахь Беларусин Iедалхой а, эксперташ а гIадбахана бу Оьрсийчоьно кхайкхийна санкцеш бахьана долуш. Цу гIуллакхо аьтто бийр бу аьлла хета царна Оьрсийчоьнна шайн сурсаташ дохка а, ткъа иштта шайн ду бохуш Малхбузера пачхьалкхийн сурсаташ дохка а. Изза ойла йолуш ю Казахстан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG