ТIекхочийла долу линкаш

ТехIран реза ю Иракъан керлачу премьер-министрна


Аль-Абади Хьайдар Иракъан премьер-министр хIоттор къобул дина ГIажарийчоьнан Iедалша. Аль-Абадис цу даржехь хуьйцур ву Аль-Малики Нури. ГIажарийчоьнан Лаккхарчу къоман кхеташонан секретаро Шамхани Iелас дIахьедар дина, Иракъан конституцица а догIуш, премьер-министр цу пачхьалкхехь хоржуш ву парламентерчу коьртачу фракцино аьлла. ГIажарийчоь ю Аль-Маликин коьрта агIонча.

ХIоьттинчу хьолехь Аль Малики Нури гIорасиз ву махкахь маслаIат каро аьлла хета ГIажрийчоьнан Iедалшна. Хьалхо Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона кълобул дира Аль-Абади премьер-министр хIоттор. Иза дика жамI дан мегаш йолу гIулч ю аьлла хета цунна. 2006-чу шарахь дуьйна Иракъан Iедалан куьйгалхо хилла Аль-Малики Нури кхозлагIа а премьер-министр хIотта дагахь вара.

Амма махкахь динан башхаллаш бахьана долуш адамашна тIехь ницкъ бар алсам далар а, исламистийн тобанаша Иракъан Малхбалехь а, Къилбаседехь а тIемаш долор а бахьана долуш Аль-Маликина критика яр алсам делира тIаьхьарчу хенахь, цуьнга премьеран дарж охьадилла бохуш.

XS
SM
MD
LG