ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъерчу курдашна герз лур ду Францино


Гергарчу хенахь «Исламан пачхьалкх» олучу тIемалошца къийсам дIахьучу Иракъерчу курдашна герз дала сацам бина Францино. Президентан Олланд Франсуан администрацино бинчу хаамца, и сацам бина Францино Курдийн автономин кIоштан куьйгалхойн дехарца, БагIдадца дага а бевлла. Шинарийн дийнахь Евробертан аьтто ца белира цу хаттарехула берриг а цу организацин декъашхой реза болу маслаIат каро.

Евробертан векалша дIахьедар дина, Пешмерга олучу курдийн тIеман тобанашна герз дохка аьтто хир бу Евробертана юкъайолгIучу пачхьалкхийн шайн лаамехь аьлла.

Кхаарин дийнахь Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона дIахьедар дина, Иракъан Къилбаседере лаьмнашкахь тIемалоша дIакъевлина масийтта эазар стаг къелхьарвакха дагахь ду шаьш аьлла. Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Организацино бинчу хаамца, бусулба тIемалойн тобанех бевдда Синджар олучу ломахь бу 30 эзар гергга езидийн юкъараллера нах а, керстнаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG