ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведвн цIарах Твиттерехь премьеран дарж дитина хакеро


Оьрсийчоьнан премьер-министран Медведев Дмитрийн Твиттерехь йолчу микроблогана чуваьлла хакер. Iедалан зорбанан сервисана тIе а тевжуш, Интерфаксо хаам бина цу техь бина хаамаш дезинформаци ю аьлла.

Еарин Iуьйранна Медведевн официалан Твиттерехь хаам гучубаьллера «Со балхара дIаволу. Эхь хета суна Iедало лелош дерг бахьана долуш. КъинтIера довла», аьлла. И твит гучуяьллара Москох 10 сахьт 13 минот яьлча.

Кхин а ши минот яьлча гучубелира кхин цхьа хаам. «Маьрша сурташдахархо хир ву со. Дуккха а хан яра ас цуьнга сатуьйсу» аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG