ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин эскархошка шаьш цIа дерзийтар доьху нохчаша


Луганскан а, Донецкан а кIошташкарчу сепаратисташна тIе а хIиттина, тIемаш беш болчу Нохчиийчура герзаца болчу наха дехар дина Украинин террорана дуьхьал йолчу операцин куьйгалхошка, шаьш Оьрсийчоьнан территори тIе дахийтахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина Антитерроран операцин зорбан-сервисо.

Цу хеннахь Нохчийчура бахархоша чIагIдо, Донбассехь тIемашкахь байина нохчий цIа балийна бохуш. Украинин эскаран векалша дийцарехь, нохчаша телефонехула хаам бина шаьш цIа даха лууш хиларх лаьцна. Украинин тIеман куьйгалло хIун сацам бина хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG