ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан гуманитарийн ковран ша-тайпа лелар


«Дон» олучу федералан некъан тIера дIа а хьевзина, Оьрсийчоьнан Ростох-кIоштарчу Донецк-гIалана тIейоьдуш ю Оьрсийчоьнан гуманитарийн ковра. Цунах лаьцна хаам бина ББС-но. Кхаарин дийнахь и ковра дIа ца кхечира Харков-кIоштара дозанерчу пункте. Цигахь 270 Камазан тIехь дерг талла дезаш бара Украинин дозанхой.

Амма ковра малхбале дIайирзира. Еарин буьйса цо яьккхира Воронежехь. Associated Press агенталло бинчу хаамца Воронежера ковра яхана Украининера Луганск-гIала йолчу агIор. Iуьйранна иза хааелира Каменец-Шахтинский олучу гIалана уллехь.

Киевехь кхоьруш бу гуманитарийн гIо до аьлла Оьрсийчоьнан эскарш Украинина чудахкарна.

XS
SM
MD
LG