ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна "Дрон" олу кеманаш дохкар сацийна Израило


Израил -- ТIехь пилот воцу кема.

Израил -- ТIехь пилот воцу кема.

Оьрсийчоьно Украинин Малхбалехь лелочу политикаца доьзна ду герз дохкор сацадар. И сацам байта Вашингтоно Израилна IатIкъам бина хиларан шеко яц боху эксперташа.

Израилна тIеман министралло, шайн тIехь пилот воцу кеманаш арахоьцучу компанешка кхайкхам бина, уьш духкуш Оьрсийчоьнца керла берташ ма де аьлла.

И сацам бар бахьана ду Оьрсичоьно Украинин чоьхьара гIуллакхашна юккъагIертар. Цунах лаьцна яздо Израилан хаамийн гIирсаш.
Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш кхоллалуш яра Израилан тIахьарчу хенахь. Ткъа гуш ду кеманаш дохкар сацадар - Iамерко Израилна беш болу Iаткъам хилар, бохуш дуьйцу Израилан кнессетан депутато Тивияев Роберта.

Тивияев: «Герз дохка аьтто боцуш йисина Израил. Оьрсийчьонца йолу юкъаметтигаш талха мега иза бахьана долуш. ТIаьхьарчу хенахь кхиаме яра уьш. Кеманаш дохкар сацадаран хIун тIаьхьало хир ю хууш дац. Схьагарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташца бина барт бу иза. Дуьххьара хуьлуш дац и санна долу хIума. Миллионашкахь йолу контракташ кийча йоллушехь, Вашингтоно герз дохкар саца де аьлча, Израило и дехар кхочуш до».

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, юьйцурш керла контракташ ю. Хьалха бина хилла барташ кхочуш бийр бу Израило.

XS
SM
MD
LG