ТIекхочийла долу линкаш

ГIирмехь шайн депутаташна хьалха къемел дина Путина


Украинин малхбалехь цIий Iенор сацор Iалашонца шайга далург дерриг дийр ду шаьш аьлла, дIахьедар дина ГIирмехь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутаташна хьалха вист хуьлуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цо иштта ша дуьхьал ву элира Оьрсийчоьнна изоляци ярна. Цуьнца цхьаьна Путин Владимира дийцарехь, Оьрсийчоь цкъа а реза хир яц шена Iаткъам бан гIертарна.

Путинна хетарехь, Оьрсийчонна «консолидаци а, мобилизаци а» яр тIаманна а, конфронтацина а оьшуш дац. Малхбалерчу пачхьалкхаша санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна дуьхьал цо ГIирма дIалацар бахьана долуш а, Украинин малхбалехь сепаратисташна гIортор яр бахьана долуш а.

XS
SM
MD
LG