ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьрта мотт - оьрсийниг, нохчийниг - десертна


Кхарачой-Чергазийчоь -- Архызах Кавказан юкъаралла вовшахкхета шахьар ян гIерта Кремл, 29Мар2011
Кхарачой-Чергазийчоь -- Архызах Кавказан юкъаралла вовшахкхета шахьар ян гIерта Кремл, 29Мар2011

Дахначу кIиранах «Архыз –ХХI» цIе а тиллина, кегийрхойн гулам дIаьбахьна Къилбаседа Кавказан федералан гоно Кхарачой-Чергазийчохь. Гуламхошлахь хьахаделира, мел чIагIбелла Оьрсийчуьрчу къаьмнашлахь оьрсийн мотт. 19 процент нохчаша шайна коьрта лору и мотт, бохура цигахь...

Архыз-ломан когашкарчу Романтик-юьрта гулбина Кавказан кегийрхой шаьш а бара романтикийн могIаршкара схьалахьийна, шайн къаьмнех а, пачхьалкхах а дог лозуш лоручу декъера къона бахархой.

Гуламе веъна, миноташ а яьхна, вахначу Къилбаседа Кавказан керлачу инарла-губернатора Меликов Сергейс а, чоьхьарчу политиках жоп луш волчу цуьнан гIовса Ведерников Михаила а элира кегийрхошка, царех дозу Кавказан хиндерг а, пачхьалкхан кханенан дикалла а. Иза а аьлла, уьш сихха дIабахара, ткъа кегийрхой баккъал а шайга аьллачух а тешна, бисира политикан философин кIаръян.

«Архыз-ХХI» форумехь шуьйрра йийцаре йира къилбаседа кавказхойн проблемаш, мехкашкара пачхьалкхалла, Кремлан некъашна муьтIахьалла.

Хьалха Оьрсийчоьнан къоман политикан министр Iийначу, хIинца Оьрсийчоьнан Iилманийн академин этнологин а, антропологин а институтан директор волчу Зорин Владимира алссам хан яьхьира къоначу кавказхошца. Цо бохура, Оьрсийчохь хIора итталгIа кегийрхо ву кавказхо. Цунна хетарехь, цундела мехала ду бахархойн и дакъа Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллах доьлла а, пачхьалкх езаш а, лоруш а хилар.

Зорин Владимирна хетарехь, Оьрсийчоь, тахана дуьненан политикехь, кхетамаллехь, шен докккха дакъа дIа а лаьцна, Малхбаленца а, Малхбузенца а дахаран хьелаш къовсучохь чIагIлуш ю. Оцу шатайпанчу тIамехь Оьрсийчоь охьатаIош, Малхбузено ларамза ца гIаттийна цхьацца дуьхьалонан акцеш. Зорина бахарехь, Кремль деши санна цIена ю оцу къовсамехь, ткъа дастаме ду Европано а, Iьмерко а цунна дуьхьал даьккхина мел лелориг.

Зоринан къамел товш ца хуьлийла дац тахана кхечу мехкех къовлалуш, хьуллуш йоллучу, изоляционизман новкъа яьллачу Кремлна.

Амма мел товш ду, масала, цуьнан хIара къамел оьрсех доцчу къаьмнашна? Оьрсийчоьнан бахархошка тIаьххьара бинчу хаттамашкахь гучудаьлла, боху, Зорин Владимира, 99,5 процент нахана оьрсийн мотт уггаре герга буйла, иза цара ненан метта хIоттабойла. Цо бахарехь, 19 процент нохчаша а аьлла шайна оьрсийн мотт ненан маттал лакхара бу, шаьш беккъа иза лелабо шайн дахарехь.

Зорина иза дика симптом лору, цо Оьрсийчохь цхьаалла чIагIъеш хиларна.

Ткъа мел бакъ, аьлча а, нийса ду Зоринна хетарг? Баккъал а дуй-те дика, масала, нохчаша шайна шайн маттал а хьалхара оьрсийн мотт ларар.

Маршо Радионо и хьал толлуш, иштта къамел дира статистикан барамашка диллича юккъера хьесапехь, хотIехь, кхетамехь лара тарлучу шен цхьана ладогIархочуьнца.

Веданхо ю Исаева Лиза. Еха Соьлж-ГIалахь. Болх беш ю мехкан берийн кхоллараллан центрехь. Шерра хаьа цунна оьрсийн мотт. Вон ца хаьа ненан мотт а. Цуьнан белхан мотт а бу, массеран а санна, оьрсийн мотт. Амма иза реза яц шеца Маршо Радионо леррина айбечу къовсамна.

Мел, мухха а делахь а, Зорин Владимир харц ву олийла дац. Цкъа а ца хиллачу кепара баьржина, дуккхаъчу нохчашна юкъараа хилла лела оьрсийн мотт Нохчийчохь.

Бу оьрсийн мотт пачхьалкхан мотт, бу массарна а хаа тIебоьжна а, хаа безаш а. Амма ненан меттанаш дIа а теттина, иза баржар а дац дика ду ала. Дац, нагахь санна къаьмнийн шайн меттанех дог лазахь, уьш шайца къийсалучу оьрсийн матто хьаьшна дIабаха беза аьлла хеташ дацахь.

Делахь а, Архызе Кавказан кегийрхой дIагулбинчийн дацара гуш къаьмнийн меттанех, халкъийн гIиллакхаш, ламасташ довш хиларх доглазар. Мелхо а, уьш бан а бовш, оьрсийн мотт кавказхойн багабоьрзуш хилар тоьлла хьал а ду, цо кавказхой пачхьалкхана хиллачул а алсам муьтIахь а бо боху хазахетар дара даржош, кегийрхойн кхетамехь чIагIдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG