ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчех лаьцна хаам харцбина Украинин эскаран векалша


Луганскера а, Донецкера а сепаратисташна гIортор еш, тlемаш бечу нохчаша дехар дина Украинин террорана дуьхьал йолчу операцин куьйгалхошка, шаьш Оьрсийчоьнан территори тIе дIадахийтахьара аьлла хаам баржийнера Украинин тIеман министраллан векалша Еарин дийнахь.

Уьш тIетевжнаш бара «Донбасс» олучу батальонан декъашхой. ТIаьхьо и хаам харц бу аьлла хаам бина цу батальонан векалша. Нохчийчоьнан куьйгалхоша масуьйттоза дIахьедар дина Украине тIом бан нах шаьш бахийтина бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG